Погожев Александр
Ставропол-махкахь кхелаш ю йоьлхуш Бешту-лам къуьйсуш. Цуьнан боьраш, баххьаш, гонахара некъаш, 300 гектар латта, долакхаьчна цхьана нехан, и хьал юхадаккхийта гIерта Iедале махкара жигархой.
КIира ду кхел шен ладегIаршна кечлуш йолу. Кхо де даьлча долор ду дов хатта, элира «Кавказ.Реалиига» юриста Горшков Михаила.
Долаберзийна, юха мукъабаьккхина, делахь а дIа ца хецна лам
Юкъархочо Легкобитов Гергийс дийцарехь, Бешту Iедалан долаберзо некъ луш долу кехаташ хIиттийра хьаькамаша хьалхо, цунна а, цунна гонахарчу а меттигех «мехкан латта, жил-Iаламан хазна» цIе а тиллина.
"ТIаккха губернатора Владимиров Владимира шен омрица пачхьалкхан долакхачийра латтанех цхьа дакъа. Делахь а, совдегаршка кхаьчна лам берриг а дIаэца Iедална аьтто ца ло пачхьалкхехь лелачу низамаша, ша премьер-министр Медведев бен вац Бештун кхоллам кхастон, боху юристаша», - дуьйцу Легкобитовс.
«Лам Iедало леръечу Iил-Iаламийн территорин статусера баьккхина тоххара, цундела доьхкуш дац цу тIехь а, гонах а гIишлош хIитто, лам бизнесе берзо, ткъа и курорташна зуламе ду», - элира экологин, Iаламан бахамехь лелачу коррупцина духьалояран комиссин декъашхочо Фокин Андрейс.
«Кавказ.Реалиица» къамелдинчу жигархоша бахарехь, Iедалхойх цхьаберш ма-хуьллу дуьхьаллаьтта, лам совдегарийн куьйгакIелхьара ца баккхийта гIерташ – резабоцучийнгуламийн протоколаш хуьйцу, лахдо лам маьршабаккха лууш, кхаьжнаш туьйсучийн терахьаш. Ткъа Бешту халкъан юкъара лам хилла биса беза бохучу ойланца ю лаххара а 20 юкъаралла.
Ломан долахой –хьаькамийн гергарнаш
Шо хьалха кхелехь гучуделира Бешту долахь буйла. Амма бохура цигахь, йиш яц иза ишта а, вуьшта а бохо, ахка, шен хотIера баккха. Кехаташ а довзийтира хIетахь – долахо яра Минеральные Воды гIалахь мэр Iийначу Гамаюнов Константинан гергара зуда Костина А. а, цхьанне а вевзаш воцу цхьа Колиев А.Л. а – цунна жа лелон магийнера ломан когашкахь.
Листадаькххича хаало, Бешту долаберзийна дуккха хан хилар – ткъе пхи шо лаххара а. «Лелачу низамаша долахошна магадо цигахь йол кхион а, стоьмийн, хасстоьмийн бошмаш лело а», - бохура хьалхо Ставропол-мехкан Iаламан министраллин белхахочо Амелина Татьянас.
Амма низамаш мухха а бахаь а, махкара хьаькамаш дагахь бу Бешту ломахь Wellness Park йилла, и болх дIахьош "Холдинг Резорт Интернешнл" (Минеральные Воды) компани а, ахча лург Китайра совдегарш а болуш.
«Мах боцу лам»
Протестхошна прокуратурера деана жоп ду церан сингаттам совбоккхуш. ТIеэцначу низамашца а догIуш, «Iилманна, Iалам Iалашдечу хьукматашна, синбахамаллина, эстетикана, могашаллин хIусамашна» пайде доцу латтанаш ду къийсадаьхнарш, аьлла прокуратуро.
82 километр некъаш бохкур бу лома тIе, вилспетийн асанаш а хир ю, аьлла ю Iедало Бешту «къарбеш» дIакхайкхийна Iалашо. Ткъа хIиттийна и Iалашонаш Ломах хиндерг кхелехула листина а далале.
Цундела ца хаьа шайн мехкан Iалам Iалашдеш, къовсамехь бохкучу эзарнашна-бахархошна, хьаьнгахьа ер ю кхел, буьйр бу Бешту-лам, я, бIе эзар шерашкахь а санна, баха магор ду цунна.