ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Bellingcat: Хангошвили вийнарг гIуллакх деш хилла ФСБ-н лерринчу тобанехь


Соколов Вадим
Соколов Вадим

Гуьржийчоьнан махкахо Хангошвили Зелимха верна бехкевина Германехь лаьцна волу гIазакхий хилла хьалха Оьрсийчоьнан федералан кхерамазаллин сервисан (ФСБ) "Вымпел" цIе лелочу лерринчу тобанан декъашхо. Цул хьалха, хIинцале а хууш долу Москвара совдегар вер воцург, кхин а цхьа стаг вуьйш дакъалаьцна а хилла цо, хаам бо Маршо Радион Оьрсийн сервисо.

Цуьнах лаьцна дуьйцуш ду, талламхошна Красиков Вадим санна вевзина волчу цу стагах лаьцна Bellingcat-о а, Der Spiegel-а а, Оьрсийчуьрчу The Insider сайто а бечу талламан 2-чу декъехь.

Германехь, Соколов Вадим цIарца документаш а долуш, лаьцна Красиков хьалха Москвахь совдегар верна лоьхуш хилла хиларх лаьцна дуьйцуш дара талламан 1-чу декъехь. ШолгIачу декъехь дуьйцуш ду 2007-чу шарахь Карелерчу Костамукша гIалахь совдегар Козлов Юрий вуьйш цо дакъалаьцна хиларх.

Цу гIуллакхехула иза шеко йолчу нахана юкъахь хиларх лаьцна хаам хIинца дIабаьккхина бу базера. И стаг лехаме велла вара. Цу гIуллакхехула кхин а шина стагана Ивановна а, Фоменкона а кхел йира 2012-чу шарахь. Уьш кхуьа а (Красиков а, Иванов а, Фоменко а) хьалха хилла ФСБ-н "Вымпел" лерринчу тобанан декъашхо ву.

Талламехь дийцарехь, Козлов вер хьокъехь кхелан процесс сацийна хиллера, ткъа 2015-чу шарахь Мангалан-баттахь Красиков дIаваьккхира Интерполан а, Оьрсийчоьнан федералан а лехаме беллачу зуламхойн тептарна юкъара. Цул тIаьхьа дукха хан ялале цунна паспорт делира Соколовн цIарах.

Талламехь чIагIдеш ду лерринчу сервисаша лаьцна хиллачух тера ду Красиков мехах адамаш дайархо санна. Дийцарехь, цу тайпа схема лелийнера кхушара бIаьста Украинехь тIеман талламан сервисан эпсар вен гIоьртина Комаричев Алексей адамаш дайархо санна балха оьцуш а.

Киеве иза веанера, Ломако Андрей цIарца кехаташ а долуш. Иккхинчу бомбано цуьнан ши а куьг дIадаьккхира, амма иза дийна висира. Хьалха и стаг хиллера Оьрсийчоьнан федералан нарокотишна Iуналла дечу сервисан (ФСКН) белхахо. ЧIагIдеш ду Киевехь цо кхочуш деш хиллера бохуш Оьрсийчоьнан тIеман талламан сервисо шена тIедиллина декхар.

Bellingcat-о а, Der Spiegel-а а, Оьрсийчуьрчу The Insider сайто а дIахьочу талламехь далош кхин цхьа масал а ду.

2015-чу шарахь Донбассерчу тIамехь дакъалацаран криминалан зеделларг долу Оьрсийчоьнан махкахо Смородинов Олег, дийцарехь, шайн тӀедиллар кхочушдан, балха а эцна, Оьрсийчоьнан лерринчу сервисаша дIахьажийнера Украинерчу Ровно гIала. Цигахь цо эпсар вийра.

ТIаьхьо Украинехь лецира иза. Цунах лаьцна 2019-чу шарахь яздира The New York Times газето. Дийцарехь, цу стагехь карийнера, байа безаш болчу нехан 6 цIе тIехь йолу кехат. Уьш бара 2008-чу шарахь Оьрсийчоьнца конфликт иккхинчу хенахь гуьржийн армин хьехамчаш, Берлинехь вийна Хангошвили санна.

Bellingcat-о бинчу талламо чIагIдарехь, Оьрсийчоьнан лерринчу сервисаша, зуламхойх пайда оьцу 2008-чу шарахь Гуьржийчохь Оьрсийчоьнна дуьхьал тIом бинчу нахана дӀадоькхуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG