ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ПолонкоевгIар хьакхалуш хила мега Кадыровн гонах - Оьрсийчуьра зорбан гIирсаш


Кадыров Рамзан а, Даудов Мохьмад а
Кадыров Рамзан а, Даудов Мохьмад а

ГIалгIайчуьрчу экстремизмана духьало йон центран хьаькам Эльджаркиев ИбраьхIим а, цуьнан ваша Ахьмад а верна кхоьллинчу бехктакхаман гIуллакхан фигуранташ хьакхалуш хила мега Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан гонах, язо URA.RU хаамийн агенталло.

Хьахийнарг ду Iаткъаме ПолонкоевгIера тайпа. Церан векалш бу Оьрсийчоьнан Талламан комитето лецнарш.

ГIуран-беттан 6-хь Оьрсийчоьнан талламан комитето дIакхайкхийра Москвахь совдегар, ГIалгIайчуьра схьаваьлла Полонкоев Хьасан лаьцна аьлла.

Талламхойн версица, иза декъа хилла Эльджаркиев а, цуьнан ваша а верна. Талламхоша арахецначу видео тIехь гуш ду ницкъаллин структурийн белхахоша шайн белхан машенара охьавосиийна Полонкоев леван вуьгуш хилар.

Error rendering VK.

"Московский комсомолец" газето яздарехь, Москвахь лаьцна Полонкоевн ваша Аслан а. Иза хьакхалуш ву боху Кадыровх а, цуьнан накъостех а.

Цу газето чIагIдарехь, социалан машанашкахь дуккха а сурташ ду Полонкоев Хьасанан вешин кIентан агIонашкахь Оьрсийчоьнан турпалхочуьнца Даудов Мохьмадца маракхетта даьхна.

Цул сов "Московский комсомолец" газето, ПолонкоевгIеран юьртахошна тIе а тевжаш, яздо, Аслан гергара юкъаметтигаш лелош вара Кадыровн накъост волчу Даудовца бохуш.

Нохчийчоьнан куьйгалхочун зорбан секретар Каримов Iаьлви реза ца хилира "Э" центран куьйгалхо вер толлучу бехктакхаман гIуллакхан фигуранташ хьакхалуш хила мега Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров гонах бохучун комментари ян, яздо URA.RU агенталло.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG