ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Адаман чуьйрашна зене сурсаташ дагардина немцойн лоьро


Зене сурсташна юкъахь ду кхагийначу йоьхьах дина даарш
Зене сурсташна юкъахь ду кхагийначу йоьхьах дина даарш

Helios цIе йолчу немцойн нейрогастроэнтерологин клиникан лоьро Фрилинг Томаса дийцина, адаман чуьйраш хIаллакйечу сурсатех лаьцна. Цунах лаьцна хаам бо РБК-но, Focus Online сайтана тIе а тевжаш.

Лоьро чIагIдарехь, еххачу хенахь кхача нийса цалелор бахаьана долуш ун даларан кхерам латта бо адамехь. Ткъа цо, шен агIор вуно еза цамгарш кхетийта мега.

Фрилинга дийцарехь, адаман чуьйрийн мазийн пардо хIаллакдо рафинад олучу шекаро а, беттинчу кхачано а, шоколадо а, мармеладо а. Цо билгалдоккху и сурсташ бахьана долуш бактереш дукха сиха дебаш хилар.

Могушаллина зене долчу сурсаташна юкъахь ду кхагийначу йоьхьах дина даарш. Уьш даа мегар дац кIиранах цкъа а бен. Лоьро дийцарехь, ларвала веза маргаринах а, дуьмах а (буьйцург хьакхин дума хила мега - МР), майонезах а.

Focus Online сайто яздарехь, чуьйрашна пайде долчу сурсташна юкъахь ю бананаш а, чIара а, стоьмийн пюре а, кхехкийна картол а, Iаьржа бепиг а, хи чуйоьллина копуста а, кхоьаш а, шпинат а, жIанкаш а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG