Нохчийчоьнан прокуратуро таллам а бина, гIуда тоьхна дакхош долу бер дахчадо ша бохуш хьийзорна. Цунах лаьцна хаам бо прокуратуран сайта тIехь.
Хьалхо республикан коьртачу прокуроро Абдул-Кадыров Шарпуддис таллар тIедожийнера шен белхахошна, интернетехь яьржинчу видео тIехь цхьана зудчо лелориг. Цу тIехь гIеметта хIоьттина зуда ю жима бер "дахчош", "майра Iемар ву", "къонах хир ву" бохуш, комментареш а еш.
Таллам бича гучудаьлла иза кхушара Лахьанан-беттан 2-чу дийнахь Веданан кIоштарчу МахкатIехь хилла хилар. Карарчу хенахь 3 бутт болу бер гIоза-декъал ду. Иза "дахчош" хиллачу нанна гIуда тоьхна.