ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Маситта денна хи доцуш бисина Соьлж-ГIалан цхьайолчу кIоштийн бахархой


Соьлж-ГIала
Соьлж-ГIала

Нохчийчоьнан коьртачу меттиган Соьлж-ГIалин юкъ хи доцуш йисина маситта денна, хаам бо Кавказ.Реалиино, шен корреспондентана тIе а тевжаш. Дийцарехь, кхоалгIа де ду цига хи далар ханна сацийна.

МУП "Водоканал Грозного" урхалло шен Instagram-хь хаам бинера, ГIура-беттан 6-хь дуьйна дийнахь-бусий Соьлж-ГIалан Ленинан а, Заводан а кIошташкахь цхьаболчу урамашкахь хи хир дац аьлла. "Водоканало" хьехар динера, хьалххе эций хиза охьадиллахьара аьлла.

Амма цхьацца урамашкарчу бахархоша дийцарехь, хи лекъна "Водоканало" дIахаийтар дале хьалха. Цара дийцарехь дуьххьара хуьлуш дац хи хир дац аьлла хаам бале иза дIакъовлар.

Кавказ.Реалиино дагадоуьйту Соьлж-ГIала шолгIачу меттехь хилар Оьрсийчохь уггар аьхна дахар долу гIаланашна юкъахь. Цул гIоле лаьрра яц цхьа Казань а бен. Рейтинг хIоттош тидаме эцнера гIалийн коммуналан сервисаш болх барца доьзнарг а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG