ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчуьрчу "Э" центран хьаькам верна бехке вон Полонкоев набахте хьажийна 2 баттана


Полонкоев Хьасан. Оьрсийчоьнан Талламан комитетан сурт
Полонкоев Хьасан. Оьрсийчоьнан Талламан комитетан сурт

Москох кхело шина баттана чувоьллина Полонкоев Хьасан. Талламан комитето иза куьйгалхо лоруш ву ГIалгIайчуьрчу "Э" центран хьаькам Эльджаркиев ИбраьхIим верна бехке лоручу тобанан. Цунах лаьцна хаам бина "Интефакс" агенталло.

Полонкоевга бехк кховдийна низамаш лардон органийн белхахо вен гӀортарна а, бакъо а йоцуш герз лелорна а. Кхело иштта чуволла сацам бира цуьнан вешин кIант а.

Талламхочуун дехарца кхелан кхеташо хилла къевлинчу рожехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG