ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"МогIарчу нохчийн дахар гайта воллура иза, амма оха сацийна». Кадыровхойн бахамаш гайтарна, вада а вина, йиттина Нохчийчуьрчу вахархочунна


27 шо долу Нуханов Ислам, цо «нохчийн Рублёвка» гойтуш видео яккхарца доьзна, вадийра Кадыровн наха байначу беттан 1-чу дийнахь, яздо «Керлачу газето» ("Новая газета").

Дукхахйолу хан Нухановс яьккхина Когалымехь (Ханты-Мансийн мохк). Нохчийчохь Iаш хилла иза кхушеран бIаьста дуьйна – ша лерса а, бIаьрса а доцуш вуьсуш лаьтта, даймахко аьтто бер-кха шена могашалла меттахIтто, аьлла, цIавеана иза.

Амма Оьрсийчохь хьалакхиина жима стаг лар ца велла Нохчийчохь шена хила тарлучу зенах – блогеран Абдурахманов Тумсон видеошка хьежарал совнах, цо юкъ-кара цо хоттуш хилла: белхаш боцчу, къечу республикехь Кадыровн гонна стенгара бевлла баккхий бахамаш?

Цо YouTube йиллина, «Муха веха Кадыров а, цуьнан накъостий а. Хьалхара дакъа» цIе тиллина шен видео. Машенахь Соьлж-ГIалин центрехула, Кадыровн гергарнаш а, доттагIий а бехачу урамашкахула, чекхваьлла иза, видеокамерица, и меттиг массо а агIор къевлина, хаш хIиттийна лаьтташехь.

Цо видео арахецна де даьлча,Лахьан-беттан 1-чу дийнахь, йиъ машен еана НухаевгIеран кетIа: шиъ "Тойоты Камри" а, «Мерседес» джип а, УАЗ а. Iедалхойн ницкъийн духарахь волчу пхеа стага чу а иккхина, дIавигина Ислам. ДIаяьхна телефонаш, компьютер, дIайигина "Форд Фокус" машен.

ВоI вигина де даьлча, еана полици цуьнан да Нуханов Саламбек вига. Соьлж-ГIаларчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин урхалле иза дIакхаьчча, цуьнан суьрташ даьхна, дуьхьалхIоттийна цунна Ислам – тIера духар хилла этIийна, тIехь цIийш а долуш, дихкина куьг а хилла кIентан.

«Хьан воI шолгIа видео а яккха воллуш хилла, могIара нохчий муха беха гойтуш, амма оха иза сацийна! – аьлла полисхоша Нуханов Саламбеке.

Ислам баттахь гергга цхьаьнхьа чохь кхаьбна полицино, тIехьош бехк а боцуш. Ткъа Лахьан-беттан 27-чохь Заводской коштан кхеле а кхачийна, патармаш лелор а, Iедалхочунна дуьхьало яр а олу Оьрсийчоьнан бехктакхаман кодексан 222-гIий, 318-гIий дакъош дуьхьалдаьхна Нуханов Исламна. Талламан версино бахарехь, иза «цхьана стага» полице къамелдан кхайкхина, ткъа Ислам вахана цига, кисанахь ши патарма а болуш. Патармаш «2013-чу шарахь карийна цунна, оцу хенахь дуьйна уьш долахь латтош а хилла цо», боху хIиттийначу кехаташа.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG