ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Даймехкан уггаре безачу турпалхойн цIерш яьхна Оьрсийчоьнан бахархоша. Царалахь ву Шойгу а, Сталин а


«Оьрсийчоьнан Турпалхойн Денца» (иза ду тахана, ГIуран-беттан 9-чохь) доьзна хеттарш дина Оьрсийчоьнан бахархошка ВЦИОМ-о – Оьрсийчуьрчу Iедалан цIарх бахархошна хетарг толлучу статистикан центро. Деллачу жоьпаша бахарехь, беза турпалхой бу халкъан кхетамехь Дуьненан шолгIачу тIеман инарла Жуков Георгий а, таханлера тIеман министр Шойгу Сергей а.

Жуков турпалхо ву аьлла 37% наха. Безачу нехан могIара кхачаво Шойгу 20% жоьпаша.

Турпалхойн хьалхарчу пхеаннах ву инарла Суворов Александр а, Кутузов Михаил а, Рокоссовский Константин а. Царел лахахь яьккхина Сталинан цIе, цул тIаьхьа вогIу Невский Александр.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG