ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шаьш-шайна массарел а кIезиг зулам до Оьрсийчуьрчу бахархошлахь нохчаша а, гIалгIаша а, Дагестанерчу къаьмнаша а


Оьрсийчохь уггаре кIезиг малар, томка, наркотикаш лелочу бахархойх бу Къилбаседа Кавказера нах, боху РИА Новости агенталло бинчу талламан жамIо.

2018-чу шарахь муьлхачу махкахь, мел къаьркъа, чIагIар, цигаьркаш йоьхкина, мел дукха нах лецна маларх, наркотиках кхеттачохь зуламаш дина, зийна агенталло.

Дикачу хьолехь болу 10 мохк:

  • Нохчийчоь,
  • ГIалгIайчоь,
  • Дагестан,
  • ГIебарта-Балкхаройчоь,
  • Къилбаседа ХIирийчоь,
  • Волгоград,
  • Тамбов,
  • Ставропол-мохк,
  • ГIезалойчоь,
  • Саратов.

Вочу хьолехь болу 10 мохк:

  • Тыва,
  • Курган,
  • Забайкальски мохк,
  • Ненцойн мохк,
  • Хакаси,
  • Сахалин,
  • Жуьгтийн Республика,
  • Буряти,
  • Магадан,
  • Камчатка,
  • Ямал-Ненцойн мохк.

Москва а, Петербург а ю 53-чу а, 70-чу а меттигашкахь ю. Шинхьа а яьржина лору наркомани. Петербург ю, боху талламо, уггаре дукха наркомани яьржина регион.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG