ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Гайтукаева Бана. "Малх сихъиккхина..."


please wait

No media source currently available

0:00 0:00:40 0:00
Линкана тIе

Гайтукаева Бана
***
Малх сихъиккхина,
Суьйре цIейелча,
Хьо шех хервина
Сайн дог чIагIделча,
НеIарш къовлу ас,
зайлаш доьхкина,
Хьоь дог даха сайн
Лаам бихкина,
Буьйса дIагIур ю,
Сан сих дакъош деш,
Цу хьан бIаьрсино
Лаьцна аьрха йоI,
Цу хьан бIаьрцIарлахь
Поллах хьоьвзар ю.
Цунна дицлур ду
Ша хьоьх довхо вар,
Малх сиха бахана,
Суьйре цIеялар.
Безам бахна дог –
Иза-м полла бай,
Хьан бIаьрцIарлахь дерг –
Цуьнан дуьне дай…

Гайтукаева Бана нохчийн гояьлла байтанча яра. Иза дуьнен чу яьллера 1959-чу шеран чиллан-беттан 23-чудийнахь ТIехьа-Мартан кIоштан ВаларгтIе юьртахь. 1966-чу шеран гезгмашин-беттан 1-чу дийнахь иза ВаларгтIерчу №1 йолчу юккъерчу ишколе деша. 1986-чу шарахь ишкол а яьккхина, юьртан библиотеке балха хIоьттира. 1986-1991 дийшира Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетехь. Оццу 1991-чу шарахь яздархойн Бертан декъашхо хилира Бана. 1994-чу шеран заздоккхучу-беттан 18-чу дийнахь Соьлж-ГIалахь дIаелира Бана.

XS
SM
MD
LG