ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Гайтукаева Бана "Со ца теша..."


please wait

No media source currently available

0:00 0:00:43 0:00
Линкана тIе


Гайтукаева Бана "Со ца теша..."

Со ца теша,со ца теша
Цу хьан бIаьргех кхин,
ДIахаалахь, ас кхин цаьргахь
Безам лоьхур бац.
ХIинца кхийти со вайн дегнийн
Ас лехначу цIарах,
Иза лезна кхачаделла,
и хьуна-м ца ги.
ДIахаалахь, ас кхин хьоьга
безам боьхур бац.
Кхин сатуьйсуш со хьоьжур яц
Цу хьан кехате.
Лазам артбеш, сан белшаш тIе
Йижна шийла кIац,
Хила а хилла
со ахь айхьа кхоьллина,
Марша Iойла! Сирла хуьлда
И лазам а хьан.
Кхин сатуьйсуш со ца хьоьжу
Цу хьан кехате.

Гайтукаева Бана нохчийн гояьлла байтанча яра. Иза дуьнен чу яьллера 1959-чу шеран чиллан-беттан 23-чудийнахь ТIехьа-Мартан кIоштан ВаларгтIе юьртахь. 1966-чу шеран гезгмашин-беттан 1-чу дийнахь иза ВаларгтIерчу №1 йолчу юккъерчу ишколе деша. 1986-чу шарахь ишкол а яьккхина, юьртан библиотеке балха хIоьттира. 1986-1991 дийшира Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетехь. Оццу 1991-чу шарахь яздархойн Бертан декъашхо хилира Бана. 1994-чу шеран заздоккхучу-беттан 18-чу дийнахь Соьлж-ГIалахь дIаелира Бана.

XS
SM
MD
LG