Дуьненаюкъарчу Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн организацерчу Интернационалан юкъаралло «Вай» цIе йолу проектан барам дIабаьхьина Венехь, хаамбо "Кавказ.Реалиин" корреспонденто.
Барамехь дакъалаьцна меттигерчу нохчийн доьзалшкарчу 15 йоIа. Цхьацца семинарашкахь цара йийцарейина «Даймохк а, керла меттиг а», «Къоман хотIехь дахар», «Дин а, гIиллакхаш а», «Къаьмнаш бахьанехь хуьлу дар-дацарш» цIерш йолу теманаш.Массех бутт бара 14-18 шераш долу нохчийн мехкарий говзанчаша дIахьочу тренингашка лела, хIинца хиллачу барамехь дакъалаца кечлуш болу. Профессионалаш гIо а деш, кино яьккхира цара шайх а, шайн Австрерчу дахарх а лаьцна.
Филм гайтина Венерчу университетехь. Нохчийн мехкаршка довха дош ала веанера баьхкинера Венин мэрин дешаран, интеграцин департаментан куьйгалхо Чернохорски Юрген а, Австрин арахьарчу гIуллакхийн министраллин векал Цолдош Бернадет а.
"Шу Венехь деха, иза ду шуна а кхочу гIалин дакъа бохург. Шу ца хилча, оццул хаза а, бIаьрла а хир яцара Вена. Ма хеталаш шаьш кхузахь хийра. Суна чIогIа дика хета шу довза сайн аьтто баьлла», - бохура берашка Чернохорскис.
Цолдош Бернадета баркалла элира мехкаршна, цара шайх а, шайн гнохчийн къомах а лаьцна дуккха а керла хаамаш венахошка дIакхачорна. «Нохчийн къам – хаза а, оьзда а къам ду, баркалла шуна шаьш довзуьйтуш, кху барамехь дакъалацарна», - элира дипломата.