ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хорват а, нохчо а хилла Венехь «талор дан кечлуш»


Австрера полици
Австрера полици

17 шо долу нохчо а, 14 шо кхаьчна хорват а вигина полице, социалан машанашкахь, шаьш Венерчу школашна а, транспортан социйлашна а, полицин хIусамашна а, сила йолчу Зеештадт кIоштанна а тIелетар дан воллу, бохуш, фейк-суьрташ даржорна.

Цара Snapchat, Instagram, Twitter машанашкахула шаьш даржочу суьрташна бухахь дозаллица «хоуьйтуш» хилла шаьшшиъ «Исламан пачхьалкхан» бIаьхо хилар.

Юьхьанца оцу маьIнехь информаци цара машанашка яьккхича, лаца аьтто ца баьлла и ши кIант - Зеештадт кIоштахь 15 шо долчу кIантана шина кхиазхочо етташ видео яржийна цара.

Амма кху беттан юьххьехь юха а интернетехула кхерамаш тийса бевлча, Австрин лерринчу ницкъаша схьалехна авторш.

Полице вигинчу шина кIанта даредина кхерамаш тийсинарг шаьшшиъ хиларх. Австрехь тIебаьхкинчу нахаца адамаш вон ду, «видеочохь хьийзош гайтинчу кIентан агIолоцуш, бекхам бан дохкура» шаьш, аьлла бераша. Бехктакхаман гIуллакх гIаттийна шинна а дуьхьал.

"Кавказ.Реалиица" къамел динчу Австрин полицин пресс-гIоьнчас Сёрош Гаралда дийцарехь, «Исламан пачхьалкхаца» а, я кхечу зуламе тобанашца а зIе ца карийна берийн. Цундела цIавахийтина ши кIант шаьшшиннан кхел йолаяллалц йолчу ханна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG