ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Москварчу метро чохь лелхийтарш дайтинчех вара Берлинехь вийна Хангошвили, аьлла Путина


Парижехь, «Нормандин форматехь» гулъелла саммит йоьрзуш Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира комментари йина Берлинехь нохчо Хангошвили Зеламха верах лаьцна.

«Суна хаьа Берлинехь стаг вийнийла. Иза могIара гуьржи вац – цо жигара дакъалаьцна Кавказехь сепаратистийн агIор тIемаш беш. Иза къомах гуьржи а вац. И стаг оха лохуш вара, тIемало вара иза. Цу тIе, вуно къиза а, дукха цIий Iанийна а вара. Ша дакъалаьцначу еккъа цхьана акцехь цо вийнера 98 стаг. Москварчу метро чохь лелхийтарш дойтуш, хьалхаваьлла леллера иза», - аьлла Путина. Цо бахарехь, цунна «ца хаьа, цунах хилларг», бандитийн гIеранехь «хIуъа а хила тарло».

Стаг верна аьттехьа а бехкебоцу Оьрсийчоьнан дипломаташ Германера арабахар нийса дац, аьлла хета Путинна.

Оьрсийчоьнан президента билгал ца даьккхира мацалера, хIун зулам ду Хангошвили Зеламхина бехкедийриг.

Деношкахь Германин арахьарчу гIуллакхийн министралло дIахьедира, ша Оьрсийчоьнан ши векал «персона нон-грата» кхайкхийна, Москвано Берлинехь стаг вер толлуш гIо цадарна», аьлла. Германин Инарла прокурора бахарехь, Хангошвили верна бехке хила тарло Оьрсийчоьнан я Нохчийчоьнан Iедалхой. Оьрсийчоьно бухбоцуш лору Берлино яьккхина гIулч.

Марсхьокху-беттан 23-чу дийнахь вийра Хангошвили Зеламха. Оьрсийчоьно терроризмна бехке а вина, лаца кхийкхийра иза 2002-чу шарахь. Амма ша вехачу Гуьржийчохь цигарчу Iедало зийра иза, мукъавитира талораш дарна бехкеван бух а ца карийна.

Хангошвили вийнначу сахьтехь лецира куьг-бехке хила тарлуш волу стаг, амма цо тIе ца эцна шена бехк. Официалехь Германино яржонза ю цунах йолу информаци.

Шайггара зулам зуьйчу The Insider, Bellingcat и Der Spiegel хьостанаша баржочу хаамашца, Оьрсийчоьнан къайлахчу хьукматийн лаамца вийначух тера ду Хангошвили.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG