ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Миллиард сом нахе охьадиллийтина Нохчийчуьрчу пурстоьпаша


Кхушеран 11 баттахь Нохчийчуьрчу пурстоьпаша, кхелаша бина сацамаш кхочушбеш, махкахошка охьадиллийтина тоьках, йовхонах долуш хилла 1 миллиард 38 миллион сом, боху махкарчу хаамийн гIирсаша.

Оцул мелла а кIезиг дара стохка пурстоьпаша нахе охьадиллийтина ахча.

Хьостанаша дийцарехь, наха сихо дIало шайна тIехь тоьках, йовхонах, хих гулделла ахчанаш, уьш дIадеха пурстоьпаш кест-кеста декхархойн хIусамашка эхар бахьана долуш.

Делахь а, ахча пурстоьпаша мел дIадехарх а дIа а ца делла, административан жоьпалле озийна 300 декхархо. Оьрсийчуьра аравала дихкина ву, Iедалан ахча шайна тIехьарчорна, I0 эзар сов Нохчийчуьра вахархо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG