ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ДIаяха мегар дац йита


 "Чермен" блокпост
"Чермен" блокпост

Кху материалан автор ю Кавказ.Реалиин коррепондент Саламова Елена

Дукхахенахь дуьйна дийцаре деш ду Къилбаседа Кавказера посташ дIаяха еза я йита еза бухучух лаьцна хаттар. Иза меттахдоккху хIоразза а цхьацца проблемаш юьйцуш. Царна юкъахь ю кхерамазалла, туризм кхиор, ткъа коьртаниг кхаьънаш эцар а, коррупци а.


Къилбаседа Кавказерчу бахархошна лазаме йолу и тема юха а меттахъяьккхира Лахьанан-бутт чекхболуш Кадыров Рамзан Медведев Дмитрийца цхьаьнакхеттачул тIаьхьа, яздо Кавказ.Реалиино.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо хаам бира, Медведев "тергаме хьаьжира Къилбаседа Кавказерчу некъашкахь низамца лелачу нахана дIасалела халонаш кхуллу, тайп-тайпана кира дIасалела новкъарло йон, ерриг а Къилбаседа Кавказна вочу агIор имиджана Iаткъам беш бакъян мегар йоцу новкъарлонаш йон блокпосташ латтарца йоьзначу цу проблеме" аьлла.

Ткъа ГIуран-беттан 6-хь Нохчийчоьнан куьйгалхо медиафоруме кхайкхинера ХIинжа-ГIала. Цига бахка безаш бара республикийн куьйгалхой а, Оьрсийчоьнан президентан Къилбаседа Кавказан федералан гонехь векал волу Матовников Александар а.

Журналисташ Кадыровга хатта дагахь бара блок-посташ дIаяха иза гIерташ хиларх а, ткъа иштта кхетор деха цуьнан позици муха йогIуш ю Дагестанан дозанца керла блок-посташ гучуйовларца бохучух.

Хьалха уьш хIиттор доьзна лоруш дара Нохчийчу "контрабанда", вуьшта аьлча малар чукхехьар халонга даккха.

Амма Кадыров медиафоруме ца вахар, ткъа блок-постех лаьцна хаттар делира Матовниковга.

Оьрсийчоьнан президентан векало жоп делира, блокпосташ цхьанне а новкъа яц аьлла. "Низам а ца дохош, тийна вехачу лартIахь волчу стагана уьш цхьа а проблема яц", - жоп делира Матовниковс. Ткъа посташкахь ницкъаллин структурийн белхахоша ахчанаш дохуш хиларх лаьцна хаттарна жоп луш элира, "заявлени" язде аьлла.

"Дисинчух лаьцна аьлча, талламбаран-дуьхьалонан система а йоцуш, машен ядийна боьлху нах мукъане а леца таро яц. Цундела ца оьшу тIех сов цунна тIе тидам бахийта", - кхайкхам бина Матовниковс.

Блокпосташ дIаяхарарн коьрта агIонча волчу Кадыровс цхьа а реакци йоцуш дитира иза. Иза кхеташ дара, хIунда аьлча Матовниковс нисса дIахаийтира и хаттар президенто къастор хилар.

Массарел а жигара блокпосташна дуьхьал къамелаш деш верг Кадыров велахь а, цуьнан йоллу ойла йолуш бу Дагестанехь а.

Хадулаев Шамил гIантда ву Дагестанан комерцица йоьзна йоцчу вовшахтохараллийн кхеташонан. "Царах пайда боцчу гергга бу, амма проблемаш кхуллу цара дуккха а. Туристашна томе хиларх лаьцна дуьйцу вай, ткъа ма дарра дерг ду адамаш тIаме доьлхуш санна кхуза догIуш хилар а, кехаташ теллина довллац урамашкахь уьш хьийзаш лаьтташ хилар а. Вайн хIун, кхечу пачхьалкхе доьлхуш ду?" – эргIад оьху Хадулаев.

Амма блокпосташ йитарехьа коьртачу декъана дIахьедарш дийраш бу Къилбаседа ХIирийчоьнан векалш. Муьлхха а блокпосташ, коьртачу декъана ГIалгIайчоьнан дозанца йолу "Чермен" пост дIаяккхар хьокъехь деш долу муьлхха а къамел вуно вочу агIор тIеоьцу цара, ткъа цуьнан маситта бахьана а ду, бохуш дийцира Кавказ.Реалиига вевзаш волчу хIирийн блогеро Пухаев Алика.

"'Чермен' пост бахьана долуш ХIирийчохь кхочуш ян кечйина маситта теракт юхатоха аьтто баьлла. Дерриг а кхин долу лелхийтарш динера цу постана уллехула нах чекхбовларна. Цундела ХIирийчохь вуно ларлуш а, сингаттамца а тIеоьцу и блокпост дIаяккха мега, бохуш дийцар", - билгалдоккху Пухаевс.

"Чермен" блокпост ХIирийчоьнан территори тIехь ю, ткъа кхечу республикийн куьйгалхоша цу хьокъехь къамелаш дича, цецбовлу нах, ХIирийчохь цхьа а ма вац кхечу республикийн чоьхьарчу гIуллакхашна юкъагIерташ, боху Пухаевс.

Гарехь, цкъачунна посташ шаьш йоллучехь йиса мегаш ю, амма цигахь коррупци лелорна царна тIебахийта мегаш бу тидам. Матовниковс дIахьедар динчул тIаьхьа цуьнга сатесна ву, масала, Хадулаев Шамил. Цу посташкахь лаьттачарна хьехам бан мега, аьлла хета цунна.

"Гарехь, цаьрга эр ду, мелла а кIеда хила, юхадовлуш хила аьлла, ткъа вуьшта дерриг а хаьлха ма хиллара дуьсур ду. Посташкахь лаьттарш кхеташ бу иза ца дахь шаьш хьаьвдана тIера дIадохур хиларх", - боху Хадулаевс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG