ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

«Тхаьш а хIиттина, мохк а хIоттийна оха юьхьIаьржа». РогIера «теле-мохк-къинтIерабаккхар»


скриншот
скриншот

Нохчийчуьрчу Iедалан герзахоша "Грозный" телеканалехула шайна нах къинтIерабахийтина Яхъяев Адаме а, цуьнца кхин цхьаьнга а. Уьш бехкала бахана машен вон лелорна, яздо "Кавказский узел" газето.

Оршоьтан сарахь араяьлла кегийнах емалбен эфир. Сюжетехь гойту Инстаграмехь арахецна видео – ша йоллучохь ондда гIо а хьокхий, дIаоьккху Куьрчалой-Эвларчу Яхъяевн машен. Эфиро дийцарехь, массех некъан бакъо талхийна кегийнаха – амма хоуьйтуш дац, муьлхарш ю уьш.

Репортажехь Яхъяевна а, цуьнан накъостна а некъа тIехь кхераме хьал эккхийтарна довдеш ву Нохчийчоьнан некъан инспекцин коьртачу буьйранчин гIовс Шатаев Адам.

Дагалаца догIу, шо хьалха некъа тIехь ЯхъяевгIара динарг, нохчаша ма-аллара, гIан а долуш, ирча хьал хIоттийначу мехкан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан шичина Ибрагимов Турпал- Iелина («Быстрый») низамо кхачочу таIзарх хьалхавала аьтто баьлла хилар.

«Кавказ.Реалиис» хаийтина ма-хиллара, стохка, нийсса шо хьалха, Ибрагимовс нах а бойуш, йохийра некъан бакъо. Цо шен Мерседесца хьаьшначу Жигули чохь делира нана а, бер а, дарбан цIийнехь дIавелира оцу къоначу доьзалан да.

"Кавказ.Реалиин" хаамца, хиллачунна тIаьхьакхиа таро луш видео яьхначу нахера дIалехьийра телефонаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG