ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Путин реза вац КадыровгIарна - Ахьмадна а, Рамзанна а - елла «Оьрсийчоьнан турпал» цIе юхаяккха


Кинорежиссера Сокуров Александра, юхаяккха еза Нохчийчоьнан куьйгаллехь Iийначу Кадыров Ахьмадна а, тахана мехкан коьртехь волчу цуьнан кIантанна Рамзанна а елла «Оьрсийчоьнан турпал» цIе, аьлла, динчу дIахьедарна жоп делла президента Путин Владимира, хаамбо Интерфакс агенталло.

Президентан гонерчу адамийн бакъонаш ларъечу кхеташонехь Сокуровс аьлларг иштта дара: «Ойла ян езаш хьал ду Оьрсийчоьнан Турпалан статусна гонах. Иза муха хуьлу, турпалхойн цIерш лелочу Псковерчу дивизина дуьхьал тIом бина КадыровгIар а турпалхой ларар? Муха кхето деза, Оьрсийчоьнца летта болчу цаьрга а эскархойн совгIаташ кхийдош хилар?»

Кхеташонехь дакъалоцуш волу Путин реза ца хилира оцу къамелна. Царех (Нохчийчоьнан бахархойх) милла а, муьлххачу хьолехь хиллехь а, Оьрсийчоьнан агIор а ваьлла, цунна болх беш, иза ларъеш, дахар дIадала кийчча хьийзаш хилча, йогIу цунна «Оьрсийчоьнан турпал» цIе - элира президента.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG