ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дахарна аьхна а, ваха дика а гIала ю Краснодар


Краснодар

Территореш кхиоран «Урбаника» институто 100 гIала теллина Оьрсийчохь, нахана баха муьлханиг тоьлуш ю хьожуш, яздо РБК-но.

Оцу бIе гIалех 5 къастийна институто шена чуьрачу хьелашца, дахаран мехаца уггаре дикачех ю аьлла. Хьалхарниг (тоьлларг) ю Краснодар, цул тIаьхьа йогIу Сургут, Санкт-Петербург, Тюмень, Калуга.

Рейтинго гайтарца, стагна ваха аттачех лара тарло миллион стаг чохь вехачех йолу 7 гIала: Санкт-Петербург, Уфа, Екатеринбург, Ростов, Самара, Воронеж, Казань.

Кавказерчу гIаланашлахь, Краснодар йоцург а ю диканаш, боху талламо: Сочи, Ставрополь.

«Урбаника» институтан векало Коньков Федора хоуьйту, стенна хаьржина рейтинго уггаре дика гIала ю аьлла Краснодар – цигахь цIена латтадо жил-Iалам, долахь хIусамаш ю цигарчу массо а бахархойн аьлча санна, даа-доха ду кхечу меттигашкахьчул дораха.

Рейтингехь Москва ю 52-гIачу меттехь – тIех еза гIала ю иза, ца тоьа бахархошна хIусамаш, даима буьзина бу машенех некъаш, ледара ю цигахь экологи.

Соьлжа-ГIалина 100 гIаланашлахь ца кхаьчна 94-гIа меттиг бен. Дуу-духучун мехашца иза ю 92-гIачу меттехь, экологица – 86-гIа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG