ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Прокурораша толлур ду, стенна ца вуьту студент-африкахо Ставрополерчу клубашка


Африкера студент Нанга Эжидиу
Африкера студент Нанга Эжидиу

Ставропол-мехкан прокуратура толлуш ю, стенна ца вуьту сакъоьручу меттигашна чу, садаIа охьахаа Анголера веана, Ставрополехь доьшуш волу Нанга Эжидиу. Низамалла тергалдечу хьуматна тIе а тевжаш, иштта хаам баржийна "Интерфаксо".

"Кавказ.Реалиино" дийцина ма-хиллара, пхи шо ду Нанга Ставрополехь доьшуш волу. Амма цо ша бахарехь, дилхан бос бахьанехь чувуьтуш вац иза гIалин бахархоша садоIучу меттигашка: я ресторанашка а, я хелхарш дечу клубашка а.

"Тхоьца цхьаьна оьрси хуьлий, тIаккха чудуьту тхо. Амма кхо африкахо, шайца меттигера стаг а воцуш болхахь, чу ца буьту. Стенна чу ца дуьту а ца олу тхоьга», - жуьйцу Эжидиус.

Цуьнан дIахьедар толлуш бу низамхой. «Факташ [прессо даржийна долу]" толлуш ю Ставропол-мехкан прокуратура», - боху пресс-релизо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG