ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь бехаш оьрсий цахилар Iеткъа Степашинна


Оьрсийчоьнан премьер-министр Степашин Сергей а (аьрро агIорхьара шолгIа), Оьрсийчоьнан православин килсан Патриарх Алексий II-гIа а (аьтто агIорхьара) Нохчийчохь йийсарера дIахецначу мозгIаршца
Оьрсийчоьнан премьер-министр Степашин Сергей а (аьрро агIорхьара шолгIа), Оьрсийчоьнан православин килсан Патриарх Алексий II-гIа а (аьтто агIорхьара) Нохчийчохь йийсарера дIахецначу мозгIаршца


Екатеринбургехь Ельцин-центрехь хилалчу "Оьрсийчоьнан юкъаралла муха хийцина Нохчийчохь бинчу тIамо" цIе йолчу конференцехь вистхуьлуш Степашин Сергейс дуккха а нахана дагахьдоцуш хьахийра оьрсий цу республикера дIабахарца йоьзна проблема. Цунах лаьцна яздо Кавказ.Реалиино.

"ДагадогIу, стохка Нохчийчохь (республикан куьйгалхочуьнца Кадыров Рамзанца) цхьаьнакхийтира тхо, ткъа цо нийса элира цигахь: 'Тхуна уггар йоккха проблема ю Нохчийчохь оьрсий бисина а ца хилар. Тхо цунах кхеташ ду'.

Цунах этнокъоман пачхьалкх хуьлуш ю. Ткъа Соьлж-ГIалахь даима а дукхаха болу бахархой бара оьрсий. Иза инзаре боккха бохам бу ерриг а Къилбаседа Кавказан – Дагестанан а, Кхарачой-Чаргизийчоьнан а. Иза вуно чолхе проблема ю тIаьхьене дIатеттина латто, цхьана а Европерчу пачхьалкхехь а, Iамеркехь а йоцуш йолу", - бохуш вара Степашин.

Степашина чIагIдарехь, оьрсийн петарш дIалецна болу бандиташ боцурш, оьрсий цу махкара бовдаран бахьана дара Хьалхара тIом боьдуш дукхаха берш оьрсий бехачу Соьлж-ГIалан юккъе бомбанаш еттар. ТIаьхьо оьрсий Нохчийчуьра дIабахар кхин дIадахара.

Тамашийна дерг ду ша Степашин цу шерашкахь Оьрсийчоьнан куьйгаллехь лаккхара даржаш дIалоцуш хилла хилар. Иза вара Федералан кхерамазаллин сервисан (ФСБ) хьалхара директор, тIаьхьо цунах вира премьер-министр. Амма оьрсийн а, кхечу къаьмнийн а Нохчийчуьра дIадаха дезна хиларна шен жоьпаллех лаьцна Степашин ца дийцира.

СССР: дIабахаран юьхье

Бахархой лараран терахьаш тидаме эцча, гуш ду оьрсий Нохчийчуьра дIаэха буьйлабелла хилар йозуш йоцу пачхьалкх ю аьлла Нохяийн Республика Ичкери кхоллале дуккха а хьалха дуьйна. 1970-чу шарахь дIадаьхьначу бахархой ларарехь Нохч-ГIалгIайчохь вехаш хилла 508 898 нохчо а, 366 959 оьрси а, 113 675 гIалгIа а.

1979-чу шеран статистикица оьрсий бу ЧИАССР-н бахархойх 30% сов эккхаш (336 044 стаг), ткъа нохчийн терахь алсамдаьлла (611 405 стаг). ГIалгIайн дакъа а алсамдаьлла (134 744 стаг).

Кхин а 10 шо даьлча оьрсийн терахь лахделла - 293 771 стаге кхаччалц. Нохчийн терахь алсамдаьлла - 734 501 стаге. ГIалгIай бу 160 000 стаг.

И терахьаш иштта хиларан бахьана ду бохуш дуьйцу мехкадаьттан индустри лагӀлучу тӀе ялар а, мехкадаьтта доккху керла центарш кхоллаялар а – Уренгой а, Нижневартовск а иштта дIа кхин а. Ткъа дукхаха болу Нохчийчохь беха оьрсий бара цу сферехь болх беш.

Петарш дIаяхара массаьргара а

2002-чу шарахь Нохчийчохь бехаш бара 4 % гергга оьрсий. Официалан хаамашца, и хан текхачале республикера дIаваханера 328 эзар нохчо а. Оьрсийчоьнан тIеман авиацино а, артиллерино а хIаллакйинчу республикехь аьхна дацара массерна а.

Хьалхара тIом чекхбаьлча Нохчийчохь харцо лелайора нохчашца а. Масала, вевзаш волчу цхьана тIемалойн командиро Соьлж-ГIалин юккъехь дIалаьцнера тIекъелдинчу цIийнан цхьана чугIойлехь йолу ерриг а петарш.

Цу петаршкахь бехаш берш нохчий бара, шайна юкъахь вуно лоруш волчу суфийн шайхан тIаьхьнех болу доьзал а болуш. Амма я къомах нохчий хиларо а, я дайша хьуьнарш гайтина хиларо а кIелхьара ца ваьккхир царах цхьа а.

Оьрсий юха ца бирзира

"Мемориал" бакъонашларъярхой центр болх беш ю Нохчийчохь Москох а, Соьлж-ГIала а дуьхьдуьхьалхӀоьттинчу хьалхарчу деношкахь дуьйна. "Кавказ.Реалиин" корреспондентца къамел деш цу вовшахтохараллан кхеташонан гIантадас Черкасов Александара дIахьедар дира, оьрсий Нохчийчуьра дIабахар доьзна дара криминалан факторца а, тIеман компанеш дIаяхьарца а.

Черкасовна хетарехь, уггар хьалха тIом бара доккхачу декъана оьрсех лаьтта Соьлж-ГIалара бахархой дIабахаран бахьана. Оьрсашца цхьаьна республика йитира кхечу къаьмнех болчу бахархоша а. Амма тIом чекхбаьлча юхабирзинарш бара коьртачу декъана нохчий, ткъа оьрсаша дукхачу хьолехь шайн дахар дIанисдира керлачу меттигашкахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG