ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

«Зачистка» ю Соьлжа-ГIалахь: герз ду тухуш къийгашна


Соьлжа-ГIалахь къигаш йойуш
Соьлжа-ГIалахь къигаш йойуш

Соьлжа-ГIаларчу герзахошна буьйр дина къийгаш яйа. ТIех сов даьржинчу оцу олхазаршна тоьпаш йиттина шинарин сарахь, Чернышевскийн урамна гонах. Иштта бара гIалин бахархоша «Кавказ.Реалиига» бина хаам.

«Е ЕЕ» ноьмарш йолчу машенашкахь («КРА» а санна, Iедалхоша лелош йолу ноьмарш - Ред) веанера иттех герзахо, барзакъна тIехь «Ахмат» йоза дара церан .Шиъ вара могIархойн, вайн санна духар долуш. Уьш цIеххьана севцира къигаш тIехь Iачу дитта уллехь, буьйлабелира автоматаш етта. Лазийна, охьаэгна олхазарш хьоьшура когашца», - дийцира «Кавказ.Реалиига» ша цавовзийтар дехначу вахархочо.

«ХIара «Къиг» операци ю», бохуш, вовшашца бегаш бора цара. Яйина къигаш, телетан тIоьрмиг чу а йоьхкина, Mercedes-на тIехьа чуехкира», - дийцира хьостано.

Олхазарех къаьсттина дукха ю Соьлжа-ГIалахь къигаш. Церан жатташа яьхна садоIу бошмаш, майданаш – уьш леллачу меттигашна гергахь, тIе охьахоийла доцуш, боьха хуьлу гIенташ.

Къигашца «тIом бечу» гIалин мэрино, масала, хедадойту цIано латточу коммуналхошка диттийн генаш, ма-хуьллу къахко гIерта олхазарш.

Соьлжа-ГIалин мэригара, цо къигаш лохкуш бечу балхах лаьцна информаци ца кхаьчна «Кавказ.Реалиига».

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG