ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Керлачу шеран цӀехо-можа стом (берашна лерина дийцар)


please wait

No media source currently available

0:00 0:02:52 0:00
Линкана тIе


Харц хир дац, нагахь Керла шо даздар бераллехь суна уггар дукхадезаш хилла де дара аьлча. Иза тIекхочуш суна а, сан йижаршна а, вежаршна а луш хиллачу мерзачу совгIатийн хьожано тахана а ойланца вуьгу со цу, дIоггара токхе ца хиллехь а, ирсечу замане.

Iаьржа а, кIайн а шоколадаш, юкъахь хьечийн а, Iежийн а, кхечу а тайп-тайпанчу стоьмийн повидал йолу кемпеташ, мел яхарх хьожа кIордор йоцу печенеш, пиряндагаш, цу марзаллашна юкъахь цIен а, дашон а басаршца богу Iаж...

ЦIазамашна тӀе хьерчийна хьуьлу бесара кехаташ а, шоколадаш юкъахьарчийна дашо а дети а наштарах дина дуткъа кехаташ а еххачу хенахь латтадора оха Керла шо даздар дIадирзинчул тIаьхьа а.

Амма цу шарахь тхан лулахойн кIантана совгIатан беллачу тIоьрмиган чохь хиллера цхьа тамашийна хаза хьожа йогIу ша-тайпа цIехо-можа басахь стом. Кхин хан ца йойуш дозалла дан, и стом а эцна, со хьего веанча санна, тхан неIаре дIахIоьттира иза.

Жималлехь массо а ца хуьлу дIоггара камаьрша. Цкъа кхаллийтахь, аьлла дехар дича, ша буу Iаж, я хьайба ца кхоллуьтурш бара тхуна юкъахь а. Царах хиллера сан лулахо а. Школе цхьаьна лелаш ши доттагI хиллехь а, шен тамашийначу стоьмах дакъа дан дагахь вацара иза, ткъа суна чIогIа лиънера цу стоьман чам баккха.

Кхана сайна лур болчу совгIатан тIоьрмигана чох иза хилара гIийлачу сатийсарца дIавижира со.

ДелкъалтIаьхьа балхара цIавеанчу тхан дас чоьхьаволлушехь схьакховдийра соьга арара шело лаьцна Керла шо тIекхочуш суна бала кечбина совгIатан тоьрмиг. Иза схьабастале кхета гIертара со цуьнан чурачух. Амма ас сатийсина стом цу чохь бацара. Дог дохар ца гайта гIерташ, тоьрмиг а карахь, коре охьахиира со.

ГIийла догIуш ло дара арахь. Бамба санна охьадуьллучу цу лайлахь луьйчуш доллура Iаламах доккхаде шелонах севсина жима хьоза. "Но-о", - бохуш, говре болар эцийта мохь бетташ, вогIура напха лаха вахана вогIу тхан лулахо. Лайно дукъочу цIенойн туьнталгашкахула стигала оьхура къажбинчу бамбех тера хьийза кIур. "Карр", - олий, мохь а тухуш, тоькан серашна тIе хиина Iара къорза ши къиг.

ЦIеххьана учахь машачна тIера ло охьадожош цхьаммо когаш бетташ хезира суна. Иза хиллера сох лечкъина охьатаьIна коран кIелхула ваьлла чувогIу тхан воккхаха волу ваша.

Лайх юьзна кетар белш тIера охьатасале соьга цо схьакховдийра кисанахь бох бина ас сатийсина цIехо-можа стом…

Хьажа комменташка (2)

ХIара форум дIакъевлина ю.
XS
SM
MD
LG