ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

«Кавказерчу террористех» яьккхина ю Европа, боху Путинан пресс-гIоьнчас


Оьрсийчоьнан президентан пресс-гIоьнчас Песков Дмитрийс бахарехь, Къилбаседа Кавказехь талораш дарца, шайн махкахой а байийна, Европехь къайлабевлла лела вуно дукха нах.

"Царна цхьацца меттигашкахь тховкIело ло, мехкийн паспорташ ло. Дийнан делккъехь, могIарчу бахархошна юкъахь лела и нах. Царех дукхаболучара дина зуламаш охкуш хьийза талламчаш, и нах Оьрсийчоьнан Федераце схьахьовсабайта гIерташ» - иштта ду "Газета.Ru" портало далийна Песковн дешнаш.

Журналисташа шега, Берлинехь вийна Хангошвили Зеламха Оьрсийчохь яхначу заманашкахь динчу зуламашна бехке ву аьлла президента Путин Владимира, амма хIиннцалц стенна ца бохура Оьрсийчоьно ишта, аьлла хаьттича дина Песковс и къамел.

Песковс дийцарехь, Оьрсийчоьно шена зулам динарш массо а ца боху зорбанехула гIара, амма царна дуьхьал, «Iалашо а хIоттийна, низамца ма-боггIу беш боккха болх бу». Марсхьокху-беттан 23-чохь вийра Гуьржийчуьра нохчо, паьнгазхо Хангошвили Зеламха. Нохчийчуьрчу «ШолгIачу» тIамехь Оьрсийчоьнца лиэтачу цхьана декъан коьртехь лаьттина иза. Киллер лаьцна немцоша цо зулам динччу сахьтехь. «Соколов Вадимна» делла арахьара паспорт карийна цуьнгахь, амма тIаьхьо гучудаьлла журналисташна и паспорт харц хIорттийна хилар а, киллеран бакъ цIе Красиков Вадим юйла а, иза ФСБ-н «Вымпел» олучу декъехь болхбина хилар а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG