ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

«Оьрсийчоьнан хьакъдолу артист» цIе елла Ташаева Маремна


Нохчийн къомо а, Кавказерчу кхечу къаьмнаша а шен эшаршка бовхачу безамца ладугIучу Ташаева Маремна «Оьрсийчоьнан хьакъдолу артист» цIе совгIатйина.

«Даймехкан синбахамалла, пачхьалкхерчу исбаьхьаллин хазнаш деборна» елла Ташаевана и сийлахь цIе, Москвара кхаьчначу документо бахарехь.

40 шо ду Ташаева Марем, композитор, дешнийн автор, эшаршлакхархо, эстрадехь йолу. Дукха зама хьалха дуьйна а ду халкъанна цуьннан похIма товш а, лаккхара мах хадош а.

ТIехьа-Мартанарчу ВаларгтIера ю Ташаева Марем. Кхиина иллеш дезачу а, девзачу а, олуш хиллачу а доьзалехь. Цуьнан кхоллараллин коьрта тема ю синан маршо, яьхь, доьналла, стогалла.

2001-чу шарахь елира Ташаевана «Нохчийчоьнан халкъан артист» цIе. Шо даьлча вежараллин республико тиллира «ГIалгIайчоьнан халкъан артист» цIе.

Маршо Радионо декъалйо Марем ша хьакъ йолчу тIегIане кхачарца.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG