ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Туркойчуьра вогIучу нохчочуьнгара 224 грамм деши даьккхина «Минеральные Воды» аэропортехь


Гайтаман сурт

«Минеральные Воды» аэропортан белхахоша сацийна Стамбулерчу кеманара воьссина Нохчийчоьнан вахархо. 11 коча уллу зIе а, пхьаьрсах тосу дашо хьоз а – 224 грамм деши, 64 кортали даьккхина цуьнгара, хаамбо "ЧП Чечня" паблико.

«Минеральные Воды» аэропортан дозанхошлахь Нохчийчоьнан цIарх пассажираш тергалбечу Сабанчиев Эмдис бахарехь, «цо ша гергарчу наханна совгIаташ дохьуш вогIу аьлла, …амма цуьнгахь йолчу ларчаша гайтина иза йохка хIуманаш йохьуш вогIуш хилар».

Деши дIадаьккхина пассажирера, цунна дуьхьалбаьккхина административан кодексо «декларацица дозанхошна йовзийта еза хIуманаш цайовзийтар» олу бехк.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG