ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь тоьпаш тоьхначу 27 стеган гергарчийн арз листа кечамбеш ю Европан кхел


Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхелехь ду Нохчийчохь 2016-2017-чу шерийн Iай тоьпаш тоьхна вийначу 27 вахархочун гергарчийн аьрзнаш. «Бакъонан инициатива» ("Правовая инициатива") юкъараллера юристаш бу орзахойн агIолоцуш.

Гергарчара дийцарехь, церан доьзалхой 2016-чу шеран тIаьххьарчу – рогIерчу шеран юьххьерчу муьрехь Нохчийчуьрчу полицин белхахоша герзаш диттина байина. Динчу зуламах лаьцна литкъина нах махкарчу омбудсмене Нухажиев Нурдига а, прокуратуре а, Талламан комитете а.

Зулам дарца доьзна бехктакхам ца айбина Iедалхоша, жоп делла, лоьху нах, низамехь йоцчу гIеране а язбелла, Шемарчу тIаме бахана, аьлла.

Лурчаха аьхка а, гурахь а хьийсийна аьрзнаш Страсбургерчу кхеле «Бакъонан инициативо» - верриг а арздинарг ву 21 стаг. Шен агIор цхьаболчу нехан аьрзнаш оццу заманчохь Европан кхеле дIакхачийна «Мемориал» юкъаралло а.

Iедалан бехк талла кечлуш, Страсбурго Оьрсийчу хьажийна 4 зуламца доьзна хеттарш: адаман даха йолу бакъо йохорах; Iазап латторах; стагера маршо яккхарх; кхелехула нийсо лаха дехкарх.

Аьрзнашца доьзна шега хьийсийначу хеттаршна Оьрсийчоьне Европан кхеле жоьпаш дала деза тIедогIу шеран Зазадоккху-беттан 3-чу дийнале.

«Бакъонан инициатива» юкъараллерчу адвоката Мацев Руслана дийцира, хIун документаш, тоьшаллаш дехна Оьрсийчоьнера Страсбурго. «Гергарчара аьрзне мел диллинчу зуламах лаьцна оьшу жоп дала. Нах байинчу муьрехь Нохчийчохь дIа мел яьхьинчу леринчу операцийн документаш а дехна кхело», - боху Мацевс.

Шакъаьстина хаттар а ду Оьрсийчоьне делла: байинчу нехан гергарчара, шайна Iедало кхерамаш туьйсу шаьш Европан кхеле довларна, аьлла, оцу хьокъехь Оьрсийчоьнан лаккхарчу Iедалера комментари а еза Страсбургна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG