ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Соьлжан-кIоштан цIе хийцарх лаьцна хаам бина Кадыровс


Нохчийчоь, Серноводск, 2016
Нохчийчоь, Серноводск, 2016

Оьрсийчоьнан премьер-министро Медведев Дмитрийс тIечIагIбина ГIалгIайчуьрчу Соьлжан-кIаштан дозанца йолчу изза цIе йолчу Нохчийчуьрчу кIоштан Серноводски аьлла цIе хийцарх лаьцна. Цунах хьокъехь хаам бина Нохчийчоьнан коьртехь волчу Кадыров Рамзана, хаам бо "Нохчийчоь тахана" агенталло.

Цо билгалдаьккхина кIошта дика кхиина а, инвестицеш тIеозош а хилар. Цул сов, Серноводск евзаш ю цигахь дарбанан саьнгалан хиш а, курорт а хиларца.

Кадыров иштта дагадаийтина кхушара цигахь керла дарбанан цIа дина хилар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG