ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Царнаевна таIзар нийса къастийна хиларх шек ву Америкера кхелахо


Бостонерчу ( Массачусетс штат) аппеляцин кхелан декъашхо Каятта Вильям шек ву шайн гIалахь, нах а бойуш, талор дина Царнаев ЖовхIар вен кхачийна бехккъасторхой нийса хилла ала, яздина еарийдийнахь The Boston Globe газето.

Зулам шаьш чохь бехачу гIалахь дина хиларе терра, Бостонера бехккъасторхой оьгIазбахана хилла, оцу хьолехь церан дегнаш нийса кхел ян паргIат дара ала дац шен, шена хетарехь, прокуратуро тергал а ца йина Царнаевна кхел ечу хенахь и агIо, дIахьедина Каяттас. «Говза бехккъасторхой дуккха а болуш, царна юкъара шаьш жюри къастош, хьакъдоллу нах хаьржирий аш цига? Шек ву со оцу тIехь», - аьлла аппеляцин кхелахочо.

Шо хьалха Царнаевн адвокаташа арз чуделира иза вен кхачош бинчу кхелан сацамна дуьхьал. Цара чIагIдарехь, Бостонехь йойла дацара кхел, цара дехнера иза кхечу гIала дехьаяккхар, амма цаьрга ла ца доьгIна, оцо ваьккхина Царнаев шена тIехь кхел нийса йойтучу аьттонах.

2013-чу шеран Охан-беттан 15-чу дийнахь, Бостонехь спортан марафон йоьдучу меттехь ши эккхийтар дира. 3 вахархо вийра, 260 лазийра. Карийра зуламхой – вежарий ЦарнаевгIар – Тамерлан а, ЖовхIар а. Лоцучу муьрехь полицин карах велира Тамерлан, ЖовхIар каравахара, чов йина а волуш.

2015-чу шеран бIаьста кхело вен кхачийна Царнаев ЖовхIар.

26 шо ду Колорадо штатерчу луьрачу хьелийн Флоренс набахтехь кхобучу Царнаевн. Иза вуьйр волу де къастийна дац хIинца а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG