Ставропол-махкарчу Железноводскехь йирзина Магасера гулам лаьллинчул тIаьхьа чубоьхкинчех волчу Гагиев Рамзанан кхел. 4 бутт хан кхайкхийна цунна набахтехь такха, хаамбо кхелийн РАПСИ ресурсо.
ЦIера дIасавала дехкар дина хан чу а лерина, кхел йоьрзуш дIахецна Гагиев.
Магасехь протестхой дIасалохкуш полисхойх цхьаьннан, Пахомовн, турсах мийра туьйхира цо, «полисхочун аьрру куьйганна дайн лазар хьадира» аьлла бу цунна къастийна бехк (Бехктакхаман кодекс, 318-гIа артикл).
«Ас дуьззина бехк тIеоьцу, дохко а ваьлла. Иза ас даима а баьхна», - элира Гагиевс кхеле.
«Шатайпа кеп» ю цуьнан дов луьстуш юьхьаръэцнарг – кIера хиларна, «тоьшаллаш а ца гулдеш».
Магасехь Зазадоккху-беттан 26-чу дийнахь хIоьттина протестан гулам (гIалгIайн Iедало Нохчийчоьнца къастийначу дозанна резадацар) дIасалаьллира пачхьалкхан ницкъаша. Iедалхошна дуьхьалоярна лаьцна, шайна кхелаш яре хьоьжуш Къилбаседа Кавказерчу мехкийн изоляторшкахь бу гIалгIайн оппозицех иттаннаш.