ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнан Думин депутат Делимханов Адам муха веха гайтина блогеро Абдурахманов Тумсос


Гуьмсан кIоштарчу Жалкхехь Оьрсийчоьнан парламентан депутат Делимханов Адам а, цуьнан гергарнаш а беха куп гойтуш видео яржийна шен блогехула оппозиционеро Абдурахманов Тумсос. Дронца яьккхинчу видео чохь гуш ю гIопашца къевлина исбаьхьа хIусамаш, яккхий бошмаш.

Блогеро дуьйцу Пачхьалкхан Думехь кхерамзаллин а, коррупцина дуьхьалояран а комитетан декъашхо а, цуьнан вежарий а, нана а, шичой-маьхчой а муха беха.

Даудов Мохьмад, Кадыров Рамзан , Делимханов Адам
Даудов Мохьмад, Кадыров Рамзан , Делимханов Адам

Тумсос дийцарехь, «дукха нахана а санна, шена Кадыров Рамзанан цавезачу цуьнан гонерчу цхьана стага» яийтина дроно яьккхина видео.

Гойтучу куьпахь хIора бахам а бу хаза, гобаьккхина керташца къевлина, дакъош тIехь лаьтта тIекIелдина цIенош, гонах ду фонтанаш, нохчийн бIаьвнаш. И бахамаш хIиттийна могIара жалкхахошкара хьалхо мукъадаьхначу дакъош тIехь, дуьйцу Абдурахмановс.

Блогеро ша ДелимхановгIеран бахамаш гайтар дузу бутт хьалха 27 шо долу Нуханов Ислам Соьлжа-ГIаларчу полицино вадорца а, цунна цигахь еттарца а, дуьхьал бехктакхам гIатторца а. Кадыров а, цуьнан го а бехачу урамашкахула видео йоккхуш чекхваларна хьийзош ву Оьрсийчуьра дукха хан йоццуш даймахка вирзина зIаIапхо («Новая газето» бовзийтина Нухановца нисбелла бохам).

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG