Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн дакъошкарчу буьйранчашца дIаяьхьначу кхеташонехь мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана бовзийтина Гуьмсан а, Нажи-Юртан а кIоштийн полицина коьрте хIиттийна керла нах, яздо "Чечня сегодня" портало.
Гуьмсан кIоштан полицин коьрте хIоттийна Чалаев Исхьакъ – иза Нажи-Юьртан кIоштахь оццу даржехь вара. Ткъа Нажи-Юртан кIоштан полицин хьаькам ву хIинца оццу декъехь болхбеш хилла эпсар Чалаев Мурад.
«Исхьакъа а, Мурада а доккха зеделларг IаIийна полицехь. Нажи-Юртан лаьмнашкахь дуьненаюкъара террористаш хIаллакбеш жигара дакъалаьцна шиммо а», - аьлла бовзийтина уьш Кадыровс.
"Кавказ.Реалиино" бахарехь, КадыровгIеран тайпанах, Бенара бу ЧалаевгIар.