ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

«Iазапна дуьхьалояран комитето» филм яьккхина ша Нохчийчуьра эккхор гойтуш


Соьлжа-ГIалахь ягийра Каляпин Игорь коьртехь волчу "Iазапна дуьхьалояран комитетан" офис, 2015 шеран аьхке.
Соьлжа-ГIалахь ягийра Каляпин Игорь коьртехь волчу "Iазапна дуьхьалояран комитетан" офис, 2015 шеран аьхке.

Соьлжа-ГIалара «Iазапна дуьхьалояран комитетан» офис ягийна 5 шо кхачарца доьзна, бакъоларъярхойн юкъаралла Нохчийчуьра эккхор довзуьйту Чиликов Евгенис яьккхинчу "Эвакуация" филмо.

"ХIусам ягорна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх ду айдина, иза дIахьош бу Къилбаседа Кавказерчу Талламан комитетан урхаллерчу хьалхарчу декъан ( I отдел ГСУ СК РФ по СКФО) талламчаш. Оццул хан яьллехь а, дина дац хIумма а. «Эвакуация» филмо гойту, мел баккхий баланаш лов Iедал «кочадахначу» бахархоша а, уьш къелхьарбаха арабовлучу бакъоларъярхоша а.

"Кавказ.Реалиига" «Iазапна дуьхьалояран комитетан» Къилбаседа Кавказерчу декъан куьйгалхочо Пискунов Дмитрийс дийцира филмах лаьцна – «2014-чу – 2015-чу шерашкахь офисна динчу талорех лаьцна ю иза», - боху бакъоларъярхочо.

"Офисца дерг дийцарал совнах, филмо йовзуьйту Дебишев Тимуран истори, иза стохка хьийзийра Соьлж-ГIаларчу Ленинан кIоштан декъехь. Соьца а, «комитетан» куьйгалхочуьнца а [Каляпин Игорца], тхан юристца Кузнецов Альбертца а, Дебишевн ненаца а йина интервью а ю филмехь. Уггаре хьалха иза лерина ю нохчашна – шайна бохам тIехIоьттича, орца шаьш хьаьнга деха деза хаийта», - билгалдаьккхира Пискуновс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG