ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ши шо набахтехь доккхур ду Суданехь президент Iийначу Iумар ал-Башира


S
S

Суданехь президентан даржера вохийначу Iумар ал-Баширна коррупци лелорна нахабтехь такха ши шо къастийна пачхьалкхан коьртачу шахьарахь Хартумехь йирзинчу кхело, хаамбина "Ал-Джазирас". 75 шо долу къано бехкевина низамехь а доцуш, арахьарчу пачхьалкхашкара схьа а оьцуш, валюта цIахь латторна а, хьарам бахам шена гулбарна а.

Шерашна воккха хиларна иза хьажош ву «коррекцин центре».

Яхначу бIаьста протесте бевллачу суданхойн агIор лаьттачу эскарша даржах вохийра Iумар ал-Башир. ХIетахь къоьлла емалъеш буьйлабелла гуламаш президентна дуьхьалбирзира, цунна дарж дитар тIе а дожош.

Кхин а ши бехктакхам бу диктатор лаьттинчунна тIебаьхьина – протестхой байа иза кечамбеш хьийзарна а, 1989-чу шарахь президентан дарже махкахь карчамбарца кхачарна а, боху Reuters агенталло.

Цул сов, Дуьненаюкъарчу Гаагерчу кхело шозза лаца кхайкхийна хилла а ву Iумар ал-Башир – къоманна тIехь геноцид латторна а, Дарфур кIоштахь хиллачу тIеман конфликтехь шен махкахой хIаллакбарна а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG