ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Германин арахьарчу гIуллакхийн министр: бакъдац Путина Берлинехь вийначу Хангошвилин гIуллакхах лаьцна аьлларг


Оьрсийчоьно дIавехна хилла вац Берлинехь вийна Хангошвили, Путина деношкахь ишта аьллехь а. Оцу хьокъехь цкъа ца деана Германе Москвара официалехь кехат, чIагIдо Германин арахьарчу гIуллакхийн министра Маас Хайкос. ZDF телеканалехула къамелдинчу министра бахарехь, хIинца хала ду къасто, Хангошвили стенна бехкевеш хилла Оьрсийчоьно.

Гуьржийчуьрчу Хангошвили Зеламхас тIом бина Оьрсийчоьнан эскаршна дуьхьал Нохчийчохь 1999-чу и цул тIаьхьа даьхкинчу тIеман шерашкахь. Биъ бутт хьалха иза вийна Берлинехь. Киллер лаьцна зулам цо динчу муьрехь. Оьрсийчоьно харц паспорт шена кечдина волу «Соколов Вадим» ву иза. Ткъа официалехь билгалъялла яц цуьнан бакъ цIе. Журналисташа бинчу талламаша гайтарехь, цуьнан бакъ цIе Красиков Вадим а ю, ФСБ-н къайлах операцеш ечу декъехь болх бина а ву иза, стаг воьш дуьххьара гучуваьлла а вац. Цхьана хенахь Оьрсийчоьно ша а лехна Красиков, лаца а кхайкхийна, амма хууш доцчу бахьаница тIаьхьо дIаваьккхина лехамийн тептарара.

Путин Владимира, Хангошвили верна комментари луш, дIахьедира, иза Москварчу метро чохь лелхийтарш дан кечамбиначех ву, аьлла. Хангошвилина, «иза къиза, цIий Iено марзвелла стаг вара», элира президенто. Амма цо аьттехьа а ца дитира Оьрсийчоь нохчо верна бехке ю бохург, «иза бандитийн гIеранера вара, ткъа оцу гIеранехь хIуъа а хила тарло», - хадийра къамел Путина.

Оьрсийчоьно ша зуламна бехке яц бахахь а, Германино шайн махкара араваьккхина Кремлан ши дипломат. Цунна жоп луш, Москвано персона нон грата кхайкхийна немцойн пачхьалкхан ши векал.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG