ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ша прокурор йолуш талламча вейтарца зуда лаьцна БуьритIехь


БуьритIерачу Затеречный кIоштан прокуроран даржехь болх беш хилла ша кху муьрехь лаццалц Швецова Ольга. Амма иза хIинца изоляторе хьажийна, цо бахийтинчу наха 2012-чу шарахь Москварчу регионашна юкъарчу аьхчанекъан Талламан комитетан декъера талламча Леонов Александр верца доьзна.

"Талламан верси иштта ю: 2012-чу шеран аьхка Москвахь зуламхойн тобан баьччица Гагиевца цхьаьна а кхетта, шен йишин майра хилла волу Леонов Александр, йиша цо йитарна, вен бартбина Швецовас», - хаамбо Оьрсийчоьнан талламан комитетан пресс-гIоьнчалло.

Москвахь 2012-чу шеран гурале вийра Леонов.

Швецовах лаьцна тоьшалла динарг ву зуламхойн гIеран жигархо, кхушара Буьритехь 17 шо набахтехь такха кхел йина волу Гагиев Аслан (Джако) Джиоев Артур. Талламна шен лаамехь дарешдеш, цо дийина, шен гIеран лидеран буьйранца ша вийра Леонов, аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG