ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Карах йоI елла машенлелорхо кхеле хIоттор ву


Иллюстрацин сурт
Иллюстрацин сурт

Корта бахон малар а мелла, машен хаьхкина воьдучу заманчохь некъахочунна тIе машен тоьхначу Б. Наструддин бехк тIечIагIбина Хьалха-Мартанарчу прокуратурано. Карарчу шеран Гезгмашин-баттахь билгалъяьккхинчу кIоштан вахархочо некъан низамаш а дохош, некъахула дехьайолучу йоIана тIе машен тоьхнера. Йинчу чевнех хьалха ца яьлла йоI кхелхира дарбан хIусамехь.

Нохчийчоьнан прокуроран Абдул-Кадыров Шарпуддин тIедилларца, машенлелорхочунна дуьхьал даьккхина бехкзуламан гIуллакх леринчу тергонца луьстур долуш ду.

Цу кепарчу зуламна бехкевинчунна пхеа шарера 12 шаре кхаччалц набахтехь яккха хан кхачайо аьлла ду прокуратуран сайтехь еллачу информацехь. Хьалха-Мартанан кIоштарчу кхелехь кхин дIа хоттур долуш ду дов.

Официалан зерашца, Нохчийчохь тIаьххьарчу кIиранчохь хиллачу 12 некъан бохамашкахь кхо стаг велла, 16-нна кеп-кепара чевнаш йина.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG