ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Сокуров: Кадыровс лелочо "талхадо политикан низам"


Сокуров Александр
Сокуров Александр

Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнца Кадыров Рамзана бӀатӀаьхьара къовсар кхин дIадаьхьна режиссеро Сокуров Александара, яздо Маршо Радион Оьрсийн сервисо. "Дождь" (ДогIа) телеканалана интервью луш Кадыровна Оьрсийчоьнан турпалхочун цIе тиллар нийса ду бохучух шекваьллачу Сокуровс жоп делла шена националистийн а, питанан а дIахьедарш дина аьлла а, "тайнигаш ловзорхочун карахь ловзочу хӀуманах тарвелла" а аьлла, бехк биллинчу Кадыровна.

Сокуровс дийцарехь, Кадыровна хетачух кIезиг бала бу цуьнан. Делахь а цо билгалдаьккхина кхузаманахьлерчу Нохчийчохь буьззинчу барамехь республикан кеп шена гуш цахилар, ткъа Кадыровс лелочо даима а дохош хилар политикан низам а, лахара даржхой лакхарачарна муьтӀахь хиларан къепе а.

Сокуровс дийцарехь, Нохчийчуьрчу бахархоша "масал эца дезара оьрсийн классикан литературера", цуьнгара шайна критика ян Iемаш. "Нагахь суна баккъалла ца дезаш, я со ца вешаш хIума делахь, иза ду и провинцилан инзаре аьрталла, сонталла, цхьа кхиаза хилар, - элира Сокуровс, ша дуьйцург дерриг а нохчийн къам а доцуш, (царна) кхиа новкъарло йийраш хилар тIе а тухуш.

Националист ву аьлла, шена тIехтохарна жоп луш, режиссеро элира: "Националист ала йиш ю шех, шен доьзалх, шен халкъах, шен синбахамех ойлаеш мел волчу стагах. Иза баккъал а дика термин ю".

Сокуровна критика еш Кадыровс шен телеграм-каналехь комментари йитаран бахьана дара адамийн бакъонашкахула Кхеташонан декъашхой Оьрсийчоьнан президентца Путин Владимирца цхьаьнакхеттачу хенахь режиссеро делла хаттар.

"Муха хуьлийла ду <Нохчийчохь тIом боьдуш> байина Псковерчу дивизин салташа цIе лелош хилар царца тIом бинчу КадыровгIара лелош йолу?Ткъа муха кхето деза, Оьрсийчоьнца тIом бинчу цара и тIеман совгIаташ тIоьцуш хилар?" – хаьттира режиссеро, Кадыров Рамзанан кхелхинчу дена Кадыров Ахьмад-Хьаьжина а, шена Нохчийчоьнан куьйгалхочунна а елла Оьрсийчоьнан Турпалхо цIе дагахь йолуш.

Путин реза ца хилира Сокуровс бохучун. Цо дийцарехь, цхьа нах гIоьртира нохчийн халкъах пайда эца Оьрсийчоь йохош, амма цу халкъан векалш "Оьрсийоьнан агIор бевлира", ткъа нагахь царах милла а "цунна болх беш, иза ларъеш, дахар дIадала кийчча хилча, иза хьакъ долуш ву «Оьрсийчоьнан Федерацин Турпалхо» цIе лело ".

Кадыровна тIаьххье режисерана критика еш къамелаш дира кхиболчу Нохчийчуьрчу Iедалан векалша а, ткъа иштта республикерчу культуран белхахоша а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG