Корта бахон молханаш муьйлуш бу аьлла, бехкебинчу Хьалха-Мартанарчу кегийрхошкара бехкаш даьхна Нохчийчохь. КIоштан полисхойн хьаькамо Бацилов Валида меттигерчу къедаца Амерханов Iалуца цхьана бага лейина лецна балийначу кегийрхошка. Видео Инстаграмехь яржийна "ЧП-Чечня" паблико.
"Корта бахон молханаш а, хиш а моьлучу кхиазхошца дIабаьхьнарг профилактикан барам бара" мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана тIедилларца аьлла, дIахьедина Бациловс.
Кегийрхошца хиллачу цхьанакхетарехь дийцина, оцу молханаша а, хиша а дечу зенех а, царех стаг вулуш хиларх а.