ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь вайна Амаев Майрбек


Амаев Майрбек
Амаев Майрбек

Карарчу беттан 13-чу буса 25 шо долу Нохчийчуьра Амаев Майрбек вайна аьлла, хаамбина социалан машанашкахь цуьнан гергарчу наха.

Йолчу информацица, видеокамерас гайтарехь, яхначу пIераскан буса "Яндекс-Таксин" Ford Fjces-2 автомобил чу хиъна, дIавахна Амаев "Японский дворик" ресторана хьалхара. Цул тIаьхьа зIене ваьлла вац иза.

Майрбекан гергарчара "Кавказ.Реалиица" хиллачу къамелехь шаьш хаамбина аьлла полицига. Ишта цара бахарехь, шайн доьзалхочух хилларг хууш дац царна тахана а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG