Шена бевзачу кегийчу нахе Шемарчу "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанах дIакхета деза шу бохуш, кхайкхамаш беш хилла Шелковск кIоштара 36 шо долу вахархо аьлла, хаамбина "Кавказский узел" агенталле чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан белхахочо.
"Шемарчу даIишхочуьнца зIенехь хилла Пайзуллаев, ишта цуьнан тIедилларца церан могIарш дузуш хилла", - аьлла полисхочо.
Бехкзуламан 205.1 -чу Кодексан 1-чу артиклехь бехк кховдийначу Шелковскерчу вахархочунна пхеа шарера 15 шаре кхаччалц хан йогIу набахтехь яккха.