ФСБ-н хиллачу белхахошна пхеа шарахь кхечу пачхьалкхашка бахар доьхкуш омрна куьйгяздина Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира, яздо "Коммерсанто". Белхахо мукъаваьккхинчу дийнахь дуьйна лардан дезаш хила тарло низам.
Карладоккху, низаман проект чуеллера "Единая Россия" партин цIарах болчу депутаташа Пискарев Ваилийс а, Валеев Эрнеста а, Хинштейн Александра а, Шхагошев Адальбис а.
Кхечу пачхьалкхашкахь къайлахчу сервисашкахь белхаш беш хилларш леца а лоьцуш, царна дуьхьал бехкзуламан гIуллакхаш дахарца доьзна тIеэцна ду куьйгяздина низам.