ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бехк боцуш шен ваша лаьцна латтош ву Волгоградехь аьлла, Кадыровга латкъамбина Джабраиловс


Кхаьънаш оьцуш хилла аьлла, Волгоградан кIоштахь лаьцначу Нохчийчуьрчу вахархочун вашас Джабраилов Турпал-Iелис орца доьху мехкан куьйгалхочуьнга Кадыров Рамзане. Джабраиловс бахарехь, кхо шо сов ду цуьнан ваша СИЗО-хь латтош волу.

"2016-чу шеран ГIуран-беттан 31-чу дийнахь Волгоградан кIоштахь лецначу нохчашлахь вара сан ваша Джабраилов Расул а. ВорхI беран да ву иза. Верриг а полисхоша дIалаьцнарг 10 вара, царлахь 6-7 нохчо хиллера", - дIахьедо Турпал-Iелас. Шен вешина прокуроро 17 шо хан ехна боху цо.

Мехкан куьйгалхочун цIарх бакъонаш Iалашъечу Кхеташонан белхахой зIене бевлира Волгорадан кIоштарчу юкъараллан тергамчийн комиссица (ОНК). "Талламчаша дуккха а кхачамбацарш дийлийтинчух тера ду шайгара, Джабраиловс схьадийцарехь. Низам дохор ду – деа шарахь гергга бехкевийриг чохь латтор, низамашца а догIуш, шина шарахь я 2, 5 шарахь а бен латто бакъо йоцушшехь. Волгоградерчу ОНК-н белхахошца дийцарш долийна оха. Цара шаьш кийча ду аьлла, шайн ницкъ болччу кепара гIо дан ситуаци къасторехь", - аьлла, дийцина "Чечня Сегодня" агенталле Нохчийчуьрчу юкъараллан тергамчийн комиссин куьйгалхочо Межиева Хадижас.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG