ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь вайначух цуьнан нанна компенсаци ялар тIедожийна Европан кхело


Соьлжа-гIалахь Бадургов Хьусайн варна Iедалхой бехкехила тарло аьлла, цуьнан гергарчара чукхачийначу арзан хьокъехь кхачо йоллуш таллам ца бина аьлла, сацамбина Европерчу адамийн бакъонийн кхело (ЕСПЧ). Бадурговн нанна Дышнеева Маднятана 26 эзар евро ахча далар тIедожийна Оьрсийчоьнна. Иштта бу кхелан сайте баьккхина хаам.

25 шо долу Бадургов Хьусайн вайра Соьлжа-гIалахь 2012-чу шеран аьхка къастазчу бахьанашца. 2016-чу шарахь Страсбурган кхеле кхачийра цуьнан гергарчара бина латкъам. Стохка оцу хьокъехь хеттарш дира Оьрсийчоьне кхелахоша. ЕСПЧ-н хьесапца, оьрсийн Iедалхоша йохийна Европан конвенцин артиклаш.

Шайн стаг вайначу дийнахь дуьйна гергарнаш шеконашкахь бара, иза варна меттигера Iедалхой бехке хила тарло бохуш, билгалдаьккхина юристо Ванслова Екатеринас. ГIалгIайчуьра шен хIусамненаца а, ворхI бутт кхаьчначу йоIаца а Нохчийчу ваха а, болхбан а юхавеача дукха хан ялале вайра Бадуров Хьусайн.

Маршо Радионо яздира, тIаьххьара шен йишига ПетIамате телефон тохарх цо Товбеца-беттан 10-чохь, меттигерчу цхьана туькана балха оьцуш, къамел дан ваха везаш ву ша аьлла. Цул тIаьхьа юха а зIене ваьлла иза шен йишица, хиллачу жамIех дуьйцуш. Къамел дечу хенахь йишина хезна, шен вешига вистхуьлучу стеган аз. Эццахь хаьдда зIе, кхи юха тасаелла яц церан. Ши бутт баьллачул тIаьхьа бен ца долийнера Бадургов варан хьокъехь талламан гIуллакх а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG