Нохчийн пачхьалкхан Татаевн цIарахчу културан а, исбаьхьаллин а колледжан ши студент, цара яьккхина видеоролик бахьана долуш доьшучуьра дIадаьккхина. "Карфаген" Телеграм-канало бина цунах хаам. Колледжан директоро куьйгяздинчу документ тIехь билгалдаьккхина ду, дешархоша Б.Мохьмада а, Т.Хьалимата а "нормативан а, бакъонан а акташ дохийна" аьлла.
Хиллачух хатта "Кавказ.Реалии" портало телефонаш еттарх жоп луш стаг а вацара колледжехь. "ВКонтактерчу" "Карфагенан" паблико зорбане яьккхинера хьалхо студенташа локхуш, дIаязйина йиш. Enrastaн "Маленькая панда" йиш ю цу шиммо дуэтехь дIалокхуш.
Видео яржочу администраторо йоьIан гергарчаьрга яздина: "Шайн йоIа, йишас, улло хиъна хийра кIант а волуш, цо цунах "моя панда, моя анаконда, мой кайф" бохучу хенахь, хIун хета шуна? ТIаьххьара шайн догIмашкара къонахалла дIайолуш санна хетий шуна?" аьлла.
"Байден" вац Биден {Biden} ву!
quordavina i shu zhughurg, qhin diica humma ca kara do shun?
Дал этто бойла вайн массарнаъ
Тумсо борз араяьлла хьуьнчохь, ларлолаш чаг1алкхаш!