ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Чернозубовхь нохчий байина аьлла шеконашца кхин а 3 лаьцна


Белгородск кIоштахь дозанхоша дIалаьцна гурахь Ростовн кIоштахь хиллачу инцидентехь герзаш деттарна бехке ву аьлла хеташ кхин а кхо стаг. Меттигерчу Талламан комитето бина цунах лаьцна хаам. Церан информацица, хьалхо кхоъ каравеанера полисхошна, кхин а виъ дуьненаюкъарчу лехамашка веллера. "Кху беттан 16-чохь Белгородскан кIоштарчу Ровеньки олучу меттигехь Украине дехьавала гIертачу заманчохь сацийна хьалхо лаца кхайкхийна хилла кхо стаг", - аьлла ду хаамехь яздина.

Талламхоша дийцарехь, кху шеран ГIадужу-беттан 22-чу дийнахь Чернозубов кIотарахь меттигерчу бахархойн шина тобано вовшашна герз диттина, даьхни дажо меттиг къевсина. Вийнера пхи стаг, шиъ дарбанан хIусаме кхачийра.

Хьалхо бинчу хаамца, Чернозубовхь хиллачу девнехь дакъалоцуш хилла нохчийн шина доьзалера нах. Царна юкъахь, кхелашка а баьлла, къийсам хилла дукха хенахь дуьйна дIабоьдуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG