ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Эльджаркиевн гIуллакх толлуш 12-гIа стаг лаьцна шеконашца


Эльджаркиев ИбрахIим

Лаьцначу 32 шо долчу Экажеверчу вахархочуьнга хеттарш дина ГIалгIайчуьрчу "Э" Центран куьйгалхо Эльджаркиев а, цуьнан ваша а верца доьзна, хаамбина "Кавказский узел" агенталле церан хьосташа. Маршо Радионо яздира, дахначу оршотдийнахь оцу гIуллакхна тIехула лаьцна хилла Оздоев Алихан 11-гIа вара аьлла. Кхааридийнахь шина баттана иза чохь вуьтуш сацамбина Москварчу кхело, ткъа тахана лаьцна тIелатар динчаьрца хилла ву аьлла, шеконаш кхоллаелла Экажевера вахархо.

"Ницкъахошна хетарехь, дуккха а шерашкахь Экажевехь лелачу зуламхойн тобанехь лаьттина ву иза", - дуьйцу "Интерфаксо"

XS
SM
MD
LG