ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бесланехь лазийначарна кхечу пачхьалкхашкахь дарба деш гIо дийр ду Iедало


2004-чу шарахь Бесланехь хиллачу терактехь лазийначу нахана гIо дан Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира тIелаьцначул тIаьхьа "Единая Россия" партин цIарахчу хIирийн депутато Макиев Зураба пачхьалкхан думе низаман проект кховдийна. Чулацамехь ду, школана динчу тIелатарехь лазийначарна федералан бюджетерчу ахчанах кхечу пачхьалкхехь дарбан дан бакъо ялар магийтар.

Документан авторо дуьйцу, 1-чу а, 2-чу а группийн инвалидаш бисинчу нахана дозанал арахьа дарба дан стенна оьшу. Бесланерчу терактехь чевнаш йинчарна гIо эшарх дийцира кху беттан 10-чохь пачхьалкхийн куьйгалхоша дакъа а лоцуш, дIаяьхьначу адамийн бакъонийн Кхеташонан цхьанакхетарехь.

"Лазам бу иза, сан сайн а, йоллу пачхьалкхан а цхьана, - элира Путина ша вистхуьлуш. – Ас билгало йина, нагахь санна, нахана гIо эшахь, церан терго ян еза. Хьовсур ду вай."

Карладоккху, 2004-чу шеран дешаран хьалхарчу дийнахь Кавказерчу гIаттамхоша, Кремлна Нохчийчохь тIемаш бен оьрсийн эскарш арадахар тIе а дожош, дIалецира Бесланера № 1 школа.

ДIахьедарна жоп ца луш кхо де даьлча, лелхийтарш дира школа чохь. Уьш мукъабохуш Оьрсийчоьнан эскархоша дΙаболийначу тΙамехь дийра 200 гергга бер а, 150 гергга церан да-нана а.

Бесланерчу школехь хилларг дуьззина теллина дац хΙинца а. И дΙалаьцначу тΙемалойх ах сов оцу ханна набахтехь воллуш, я лаьцна ларалуш вара.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG