ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мича доьду нохчийн мехкадаьтта?


Материалан автор ву Кавказ.Реалиин корреспондент Билалов МаIаз


Нохчийчоьнан хьелашна юкъахь а хьал лоруш ду Советан заманахь республикехь индустри кхион аьтто бина мехкадаьтта. Амма иза даккхаран тIегIа лахделла тахана 21,2 миллион тонн тIера (1971 шарахь) 74 эзар тонна тIекхаччалц (2019-чу шарахь), яздо Кавказ.Реалиино.

Нохчийн республикан куьйгалла саготта ду мехка даьтта даккхаран болар лахдаларна. ОАО "Грознефтегаз" компанин инарлин директоран когаметто Албеков Нур-Мохьмада дийцарехь, и гайтамаш дукха сиха лахлуш бу. 2019-чу шарахь Нохчийчохь доккхучу мехкадаьттан барам цхьа процент а бац, "Грознефтегаз" юкъахь йолчу "Роснефтан" ерриг а компанеша доккхучу мехкадаьттанах.

Нохчийчоьнан мехкадаьттан индустрин истори йолаелла лоруш ю 19-чу бIешаран шолгIачу декъехь дуьйна. Мехкадаьттан хьалхара фонтан гучуелира Соьлж-ГIалана гергахь 1893-чу шарахь. Цуьнца цхьана и маьIда доккхуш хилла цигахь дуккха а хьалха дуьйна.

1893-чу шарахь Соьлж-ГIалана тIебогIуш аьчкан некъ биллинчул тIаьхьа Нохчийчуьрчу мехкадаьттан тIе тидам бахара Малхбузерчу евзаш йолчу компанийн, шайна юкъахь "Стандарт Ойл" а, "Шелл" а йолуш.

Оьрсийчуьрчу бизнесах лаьцна аьлча, хьахо йоьгIу мехкадаьттан магнат лоруш хиллачу Владикавказерчу адвокатан Ахвердов Иосифан завод. Цо йира Соьлж-ГIалана гергахь хьалхара мехкадаьтта дIатотту завод 1895-чу шарахь. Цу компанеша бух биллира Нохчийчоьнан хир йолчу индустрин.

Бакуца цхьаьна, Соьлж-ГIала дуккха а шерашкахь яра Советан пачхьалкехь мехкадаьттан индустри кхиоран центр. Уггар дукха мехкадаьтта даьккхира Нохчийчохь 1971-чу шарахь - Соьлж-ГIаларчу заводашка цIандан кхачийначу цуьнан терахь дара 21,2 миллион тонн.

1980-гIа шераш чекхдовлуш ПО "Грознефть" компанино хIора шарахь доккхучу мехкадаьттан барам бара 4,2-4,5 миллион тонн. МаьIданаш схьадаха белхош дIахьош бара Нохчийчохь 24 меттехь, царах 20 меттиг яра мехкадаьттан.

СССР пачхьалкх йоьхначул тIаьхьа 2000-гIа шераш дуьйладаллалц мехка даьтта даккхар ледара дара республикехь. Шарахь даккхар маситта бIе эзар тонн. Мехкдаьтта цIандон заводаш хIаллакйинера Оьрсийчоьнан армино 1994-1996-чу а, 1999-2000-чу а шерашкахь.

2000-чу шарахь, Оьрсийчоьнан Iедалан сацамца, Нохчийчохь мехка даьтта даккха йолаелира "Роснефть" пачхьалкхан корпораци. Цуьнан аьтто белира 2010-чу шарахь Нохчийчохь доккхучу мехкадаьттан барам хьалабаккха - 2.1 миллион тонне. Цул тIаьхьа и тIегIа лахдала доладелира. 2019-чу шарахь республикехь мехкадаьтта ца даьккхина 74 эзар тонн а бен.

Мехкадаьттаца цхьаьна Нохчийчохь йоккхуш яра газ. Уггар лакхара гайтам хилира газ яккхарехь 1992-чу шарахь - 1,3 миллиард кубан метр.

Республикехула чекхйовлуш яра "Баку-Грозный-Туапсе" а, "Грозный-Астрахань" а мехкадаьттан биргIанаш, амма уьш хIинца тишйелла ю. Оьрсийчоьнан Iедалан планаца и биргIанаш юха а пайда эца кийча хир ю 2022-чу шарахь, реконструкци йинчул тIаьхьа.

Оцу ерриг а хеначохь республикехь доккхучу мехкадаьттан Iуналла дар шен караэца гIерташ дара меттигера Iедал. Делахь а иза дан аьтто ца белира цуьнан. "Роснефто" Iуналла дечу "Грознефть" компанин акцийн метта Нохчийчоьнан Iедалан долаелира республикехь уггар яккхийчерах йолчу "Чеченнефтехимпром" компанин акцийн Iуналлан пакет.

Цуьнан долахь ду карарчу хенахь 7740 гектар майда йолу 2 эзар гергга латтан дакъа а, 1100 сов болх беш йолу мехкадаьттанан буру тоьхна меттиаг а. "Чеченнефтехимпроман" долахь ю, шира ялахь а, мехкадаьтта цIандон 2 завод а, ремонт йон меттигаш а, мехка даьтта даккха оьшу коьчаллаш а, 4 мехкадаьттан база а, 500 километр сов мехкадаьттан а, газан а биргIанаш а.

2019-чу шарахь Зазадоккху-баттах нохчийн Iедало аукционехь толам а баьккхина лицензи ийцира "Чеченнефтехимпромана" "Малбузе-Бена" а, "Къилбаседа-Джалка" а, "Ханкала" а кхаа майданахь 25 шарахь мехка даьтта даккха бакъо луш йолу.

Кхушара Марсхьокху-бутт чекхболуш Нохчийчуьрчу Iедалша Самарерчу мехкадаьттан сервисан компаница барт бира, республикера буру тоьхна меттигаш юхаметтахIиттор хьокъехь.

Нохчийн мехкадаьттан индустри меттахIоттор Iалашонца республикан куьйгалхо Кадыров Рамзан дийцарш дIахьош ву цхьамогIа кхечу пачхьалкхашкарчу инвесторшца, шайна юкъахь Китайра бизнесхой а болуш.

2011-чу шарахь бинчу официалан хаамца, дерриг а Нохчийчохь даьккхинчу мехкаьддаьттан терахь ду 400 миллион тонн гергга.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG